Украина[11] (укр. Україна ДАА: [ukrɑˈjinɑ]ⓘ) — Малхбален а, цхьаццанхьа Йуккъера Европин а пачхьалкх. Бахархой — гуттара веха вахархо 40 997 699 стаг, волуш волу вахархо 41 167 336 стаг[12] (дуьненахь 34-гӀа меттиг). Йерриг майда — км² (дуьненахь 44-гӀа меттиг); Йерриг Европехь йолу майданца уггаре йоккху пачхьалкх.
Коьрта шахьар а, уггаре йоккха гӀала а — Киев. Пачхьалкхан мотт — украинийн.
Украина — унитаран пачхьалкх а, ийна республика. Президентан дарж 2019 шеран 20 майхь дуьйна дӀалоцу Зеленский Владимир, премьер-министран дарж 2020 шеран 4 мартехь дуьйна ду — Шмыгаль Денисехь.
Мохк бекъало 27 административан-мехкан декъе, 24 царех область йу, 1 — автономин республика йу (ГӀирма), 2 гӀала (Киев, Севастополь[lower-alpha 2]) башха статусца.
Доза ду Белоруссица къилбаседехь, Польшица, Словакица, Мажарчоьнца — малхбузехь, Румыница а, Молдавица а[lower-alpha 3] — къилба-малхбузехь, Россица — малхбалехь а, къилбаседа малхбалехь а. Къилбехахь а, къилба-малхбалехь а Ӏаьржа а, Азовн а хӀордаш ду; хӀордаца дозанаш ду Румыница, Болгарица, Туркойчоьнца, Гуьржийчоьца[lower-alpha 4] Ӏаьржа хӀорд чухула, Россица — Ӏаьржа а, Азовн а хӀордаш чухула.
Украинин мехкан дакъа дола деш дац цуьнан Ӏедало, украинин законашца, уьш бу цхьаьна ханна оккупации йина мехкаш. 2022 шеран декабран хьелашца Российс факт хилла дӀалецира 18 % гергга Украинин мохк[13]Кеп:Переход.
Дин лелочеран доккхаха долу дакъа православин новкъахь бу, кхин а бу желтойн- а, руман а католицизман, йахӀудийн динан, исламан тӀехьабозурш.
2022 шеран ДЧС чухоам, лерина эцадаларан паритетца, иза хилира 441 млрд $ (12660 $ бахархойн цхьаьна синна). Номиналан ДЧС 2022 шарахь хилира 151,5 млрд $ (4350 $ бахархойн цхьаьна синна), ДЧС цхьаьна синан гайтамца (номиналан а, НЭТан а) Европехь тӀаьххьара меттигехь йу[14]. Ахча — гривна (UAH).
Мехкан Советийн Социалистийн Республикийн Союзах маршо, ткъа Украина цуьнан союзан республика йара 1922 шеран декабрехь дуьйна, Маршо кхайкхийна 1991 шеран 24 августехь. Пачхьалкхан-къоман ламастан а, УНР а когаметта йу[15], УССР когаметта йолу пачхьалкх[16], ССРС когаметтайерг[17], ВКъКх, ЛПД, ГУАМ, ӀЭЦКх, кхин дуьненайукъара кхолламаш кхуллуш дакъалаьцна, Европин барт йукъайаха официалан кандидат. Лелаш болчу дуьненайукъара берташца а, конвенцешца а, ӀаьржахӀордан хидоькъешна чухула атта дина лела бакъо йу[18], Антарктидехь Ӏилманан-талламан гӀуллакхаш леладо[19].
Украина йу Европина малхбален агӀорахь. 48,4 миллион адам дара цигахь Ӏаш 2001 шарахь (45,4 миллион 2012 шарахь). Пачхьалкхан майда йу 603 628 км². Иза шен регионехь уггара йокха пачхьалкх йу. Дуьненахь цуьнан адамийн дукхалла 30-гӀа меттехь ю, йоккхалла 40-гӀа меттехь йу.
Украинашна йукъахь европин спортан тайпанаш даржа доладелла XX бӀешеран йуьххьехь. Маьрша Украинин Ӏедало, доккха маьӀна лора спорт кхиарна а, йаржарна а, кхочушйора йогӀуш йолу пачхьалкхан программаш, масала, Кегийрхойн а, спортан а гӀуллакхийн министраллин структурашкахула.
XXI бӀешо кхочуш махкахь дукха а, кӀезиг а тӀегӀанехь йаьржира йерриг ала мегар долуш аьхкенан спортан тайпанаш — божарийн а, зударийн а дисциплинаш. 2012 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь Украинин командо йаьккхира 6 дешин, 5 детин, 9 борзанан мидал.
2019 шарахь Футболех ловзаран Украинин гулйина команда (20 шо кхачанза) йаьккхира Кегийрхойн командашна йукъара футболех ловзаран дуьненан чемпионат 2019, доьналлица толам баьккхира Къилба Корейн командегара 3:1 жамӀаца, иштта дуьххьара дуьненан чемпион хилира.
<ref>
zelensky
shmygal
gov_uk_2022_12_20
Оьрсийн маттахь
Украинийн маттахь
Австри · Азербайджан¹ · Албани · Андорра · Белорусси · Бельги · Болгари · Босни а, Герцеговина а · Ватикан · Йоккха Британи · Мажаройчоь · Германи · Желтойчоь · Гуьржийчоь¹ · Дани · Ирланди · Исланди · Испани · Итали · Кхазакхстан² · Къилбаседа Македони · Латви · Литва · Лихтенштейн · Люксембург · Малта · Молдави · Монако · Нидерландаш · Норвеги · Польша · Португали · Росси² · Румыни · Сан-Марино · Серби · Словаки · Словени · Туркойчоь² · Украина · Финлянди · Франци · Хорвати · Ӏаьржаламанчоь · Чехи · Швейцари · Швеци · Эстони
Йозуш йолу мехкаш: Аландийн гӀайренаш · Гернси · Гибралтар · Джерси · ГІайре Мэн · Фарерийн гӀайренаш · Шпицберген · Ян-Майен
Къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхаш: Косово · Приднестровье
¹ Цхьа дакъа Европехь йа йеррига Азехь, дозане хьаьжина. ² Йеррига Азехь.